ЦIИНЦIОЛГ-ЙОI (Г. Х. Андерсен)

Продолжение
Хи бухахь лелаш долчу кегийчу чIерашна гира пхьид а, цуьнан кIант а, царна иштта хезира йоккхачу пхьидо ЦIинцIолг-йоIе дина къамел а.
Цара шайн кортош хи бухара гучудехира жимачу нускале бIаьрг тохархьама. ЦIинцIолг-йоI шайна гича, царна чIогIа къахийтира пхьидашца яха езаш йолчу сел хазачу йоIах. Ишттаниг хуьлийла ма дац! Цу Iома чохь мел долу чIерий йоI тIехь Iаш долчу зезаган гIанна улло даьхкира. Цара сихха Iаьвшина, цестира цу зезаган гIад.
Дюймовочка картинки дюймовочка. Ц1инц1олг-йо1 на чеченском языке для детей
Эццахь зезаган гIа хи доьдучу агIор дIадахара. Цу меттехь хи чIогIа сиха доьдуш дара, ткъа зезаган гIа а иштта сиха хино дIахьош дара. Пхьидана мел чIогIа лиъча а, иза йоIана тIаьхьакхиалур яцара.
ЦIинцIолг-йоI генаяьлла йоьдуш яра. Коьллаш юккъехь Iаш долу кегий хьозарчий, йоIе а хьоьжуш, эшарш лоькхуш дара:
— Ма хаза жима йоI ю! Ма хаза жима йоI ю! — бохуш.
Хаза кIайн полла ЦIинцIолг-йоIана уллохь хьийзаш бара. ТIаьххьара а иза гIа тIе охьахиира. Цунна чIогIа хазахеттера жима йоI. ЦIинцIолг-йоI, шена тIера доьхка схьа а даьккхина, цуьнан цхьа йист поллана тIе тесира, ткъа важа йист гIах дIайихкира. ГIа кхин а сиха дIадахара.
Дюймовочка картинки дюймовочка. Ц1инц1олг-йо1 на чеченском языке для детей
ЦIаьххьана царна уллохула тIехъиккхира бумбари. ЦIинцIолг-йоIах бIаьрг кхийтир цуьнан. Катоьхна, иза, схьа а эцна, дитта тIе дIаяьхьира цо.
Дюймовочка картинки дюймовочка. Ц1инц1олг-йо1 на чеченском языке для детей
Ша бумбарис схьалаьцча, ЦIинцIолг-йоI чIогIа кхераелира. Амма бумбари-м шек а яцара. Леккха дитта тIе охьа а хиъна, цо ЦIинцIолг-йоIана мерза зезаган мутта делира. Бумбарих тера яцахь а, йоI шена чIогIа хазахета элира цо.

Цул тIаьхьа уьш болчу хьошалгIа яьхкира цу дитт тIехь ехаш йолу кхийолу бумбареш. Когаш тIера коьрте кхаччалц хьуьйсуш яра уьш ЦIинцIолг-йоIе.
Дюймовочка картинки дюймовочка. Ц1инц1олг-йо1 на чеченском языке для детей
— Цуьнан шиъ бен ког а бац! — бохура цара.
— Цуьна-м мекхаш а дац! — бохура вукхара.
— Ма юткъа а ю иза! Адам санна ма ю иза-м! — бохура кхечара.
— Иза чIогIа ирча ю! — элира тIаьххьара а массо а бумбареша.
Дюймовочка картинки дюймовочка. Ц1инц1олг-йо1 на чеченском языке для детей
ЙоI схьаялийна йолчу бумбарина а иза чIогIа ирча хийтира. Цунна ца лиира иза ша йолчохь сецаян — шена луъучу дIагIойла хIара аьлла. ЙоIацна цхьаьна дитта буха а яьлла, кIайдарг (кIайдарг — оьрсаша «ромашка» олу зезаг) тIе иза охьахаийра цо.
Зезаг тIе охьа а хиъна, йоьлхуш Iаш яра ЦIинцIолг-йоI. Цунна чIогIа халахеттера ша ирча хилар. И хIума бахьана долуш бумбареша а эккхийнера иза.
Аьхке дIаяллалц ша Iийра ЦIинцIолг-йоI хьуьнхахь. Цо, екъачу бецах шена ага а дуьйцина, иза боккхачу баIан гIанна кIел дIатесира, догIа деъча ша яша ца яйта. Цо зезагийн моз а дуура, Iуьйранна бецана тIе диллина тхи а молура.
Дюймовочка картинки дюймовочка. Ц1инц1олг-йо1 на чеченском языке для детей
Иштта дIаелира аьхке а, гуьйре а. ТIедогIуш дара деха а, шийла а долу Iа. Массо а олхазарш дIадахнера, буц маргIалъеллера, ткъа ЦIинцIолг-йоI бухахь Iаш болу боккха баI, маж а белла, бакъа а бела, хьаьвзина дIабаьллера.
Дюймовочка картинки дюймовочка. Ц1инц1олг-йо1 на чеченском языке для детей
ЦIинцIолг-йоI шелонна егош яра: цуьнан коч эттIа дIаяьллера. ЙоI ша жима а, эгIаза а яра — иза муха шеллур яцара! Ло деара. ХIора лайн чим ЦIинцIолг-йоIана, вайна цхьа бел ло санна, хетара. Вай-м даккхий дара, ткъа иза цхьа цIинцIолг бен ма яцара.
ЦIинцIолг-йоIа дакъаделлачу гIа юккъе хьаьрчира, амма цо иза жимма а йох йа йора. Шелонна эгош йолу ЦIинцIолг-йоI ша а яра, гуьйренан гIа санна.
ТIаккха ЦIинцIолг-йоI, хьуьнхара ара а яьлла, шена Iа даккха меттиг лаха яхара.

Продолжение следует.
Следите за обновлением сайта.

Поделиться в соц. сетях

Опубликовать в Google Buzz
Опубликовать в Google Plus
Опубликовать в LiveJournal
Опубликовать в Мой Мир
Опубликовать в Одноклассники
Опубликовать в Яндекс

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *