Архив метки: чеченский язык

Аудио: Чай, Цхьогаллий (чеченский язык)

Аудиозапись: Adobe Flash Player (версия 9 или выше) требуется для воспроизведения этой аудиозаписи. Скачать последнюю версию здесь. К тому же, в Вашем браузере должен быть включен JavaScript.


Сказки на чеченском, учим чеченский язык
Источник: Журнал “Стела1ад”, №7, 2010 шо.

Скачать Аудио-сказку на чеченском языке

Скачать аудио сказки

ЦIИНЦIОЛГ-ЙОI (Г. Х. Андерсен)

Продолжение
Цхьана дийнахь къена боьлкъазар еара, ЦIинцIолг-йоIана захало дахьаш.
Дюймовочка картинки дюймовочка. Ц1инц1олг-йо1 на чеченском языке для детей
— ХIинца вайшиммо хьуна маре йоьдуш дахьа хIума кечдан деза, — элира къеначу дехко. — Хьо маре йоьдуш верг чIогIа хьалдолу эла ву, цундела хьан массо а хIума хила деза. Читать далее

ЦIИНЦIОЛГ-ЙОI (Г. Х. Андерсен)

Продолжение
Хьуьнхара араяьлча, цунна доккха кха гира. Цу кха тIера ялта дуккха а хьалха чудерзийнера. ГIорийначу лаьтта юккъера кIен гIодмийн юьхкаш яра хьалакъедаш.
Кха тIехь хьуьнхахьчул а чIогIа шийла яра, цундела миска йоI кхин а чIогIа шелъеллера. ЦIинцIолг-йоI дехкан бенна чу доьдуш долчу Iуьрга тIе кхечира. И Iуьрг, тIе якъаелла буц а, гIа а диллина, дIакъевлина дара. Аренан дахка бовха а, токхе а болчу шен бен чохь Iаш бара, массо а меттехь дIадоьттина лаьтташ кIен буьртигаш а долуш. ЦIинцIолг-йоI, неIсагIина тIе а хIоьттина, сагIа доьхург санна, лаьтташ яра. Цо, шена мекхан буьртиг ло аьлла, дийхира — ши де а дара цо хIума яаза.
Дюймовочка картинки дюймовочка. Ц1инц1олг-йо1 на чеченском языке для детей
— Миска хьо яI! — элира къеначу дехко (иза къинхетаме дахка бара). — Схьайола кхуза, йохло, соьца хIума а кхалла!
ЦIинцIолг-йоIа, бен чу а йоьссина, йох а елла, шена хIума йиира. Къена дахка йоIана чIогIа резахилира. ЙоIе цо элира:
— Iа дIадаллалц со йолчохь саца. Ас кхобур ю хьо, ткъа ахьа, сан цIа чохь гIуллакх а деш, суна туьйранаш дийца. Суна чIогIа дукха деза туьйранаш.
Читать далее