Архив рубрики: Сказки на чеченском языке

ЦIИНЦIОЛГ-ЙОI (Г. Х. Андерсен)

Продолжение
Хи бухахь лелаш долчу кегийчу чIерашна гира пхьид а, цуьнан кIант а, царна иштта хезира йоккхачу пхьидо ЦIинцIолг-йоIе дина къамел а.
Цара шайн кортош хи бухара гучудехира жимачу нускале бIаьрг тохархьама. ЦIинцIолг-йоI шайна гича, царна чIогIа къахийтира пхьидашца яха езаш йолчу сел хазачу йоIах. Ишттаниг хуьлийла ма дац! Цу Iома чохь мел долу чIерий йоI тIехь Iаш долчу зезаган гIанна улло даьхкира. Цара сихха Iаьвшина, цестира цу зезаган гIад.
Дюймовочка картинки дюймовочка. Ц1инц1олг-йо1 на чеченском языке для детей
Эццахь зезаган гIа хи доьдучу агIор дIадахара. Цу меттехь хи чIогIа сиха доьдуш дара, ткъа зезаган гIа а иштта сиха хино дIахьош дара. Пхьидана мел чIогIа лиъча а, иза йоIана тIаьхьакхиалур яцара.
ЦIинцIолг-йоI генаяьлла йоьдуш яра. Коьллаш юккъехь Iаш долу кегий хьозарчий, йоIе а хьоьжуш, эшарш лоькхуш дара:
— Ма хаза жима йоI ю! Ма хаза жима йоI ю! — бохуш. Читать далее

ЦIИНЦIОЛГ-ЙОI (Г. Х. Андерсен)

ЦIИНЦIОЛГ-ЙОI

Г. Х. Андерсен

Перевод на чеченский Тамары Чагаевой

Дюймовочка картинки дюймовочка. Ц1инц1олг-йо1 на чеченском языке для детей
Ехаш-Iаш яра цхьа зуда. Цуьнан цхьа а бер дацара. Цунна чIога лаьара шен, жима а долуш, бер хуьлийла. Цхьана дийнахь къена зуда-бозбунча йолучу а яхана, цо элира:
— Суна чIогIа лаьара сайн, жима а йолуш, йоI хуьлийла. Дуьйцур дацара ахьа суна, иза мичара ер яра?
— ХIунда ца дуьйцу? — аьлла, жоп делира бозбунчо. — ДIаэца, хIара мекхан буьртиг бу хьуна. Амма хIара ахархойн кхаш тIехь болучух тера а боцуш, шайтайпа буьртиг бу. И буьртиг, зезагаш дIадуьйш йолучу кхийрачу кхаби чу дIабе, тIаккха хуур ду хьуна кхидIа хиндерг. Читать далее