Архив метки: сказки

Сказки на чеченском языке: ОЛЕ ЛУКОЙЕ

Туьйранаш
Ганс Христиан Андерсен
ОЛЕ ЛУКОЙЕ
Перевод Тамары Чагаевой 

Дерриге а дуьненахь кхин хир вац Оле Лукойе санна дукха дийцарш хууш а, уьш хаза дуьйцуш а волу стаг.

ЭхI, ма хаза дийца а хаьа-кх цунна! Сарахь, бераш стоьлан йистехь я шайн кегийрачу гIенташ тIехь Iаш долчу хенахь, вогIу Оле Лукойе.

ГIартата доцуш хьалаволу иза ламеш тIехула, хIунда аьлча, кога мачаш ца юхуш, пазаташца лелаш хуьлу иза. Цхьа а тайпа тата доцуш схьайоьллу цо неI, тIаккха берийн бIаьргаш чу мерзачу шурин кегийра дарц туху цо. Берашка бIаьрг беллалур боцуш а, хIара бIаьрга гур воцуш а хуьлу и дарц.

Тебаш, тIехьахула тIе а вогIий, кIесаркIаг чу меллаша хIуп олу цо берашна, тIаккха церан кортош, даш санна, набарна дазло.

Амма цо иза лазош ца до, хIунда аьлча, берашна диканиг лууш ву Оле Лукойе. Цунна лууш дерг берийн сатер ду, ткъа берийн уггар а дика сатоь уьш шайн дуьйшучу меттахь хилча. ГIовгIанаш а ца еш, Iадда Iахка деза и бераш, Оле Лукойега шен туьйранаш дийцийтархьама.
Хьалхара дийцар— ХIан, ладогIалахь, — элира Оле Лукойес цхьана сарахь, шен жимачу метта Ялмар охьа а вижийна, — хьуна туьйра дийца воллу со.ЦIа чохь кхабанаш чохь долчу зезагех даккхий дитташ хилира. Церан деха гаьннаш тхов тIехула а, пенашца а дIасадаьржира. Сийначу гаьннех а, зезагех а дуьйцина дича санна, хаза кечделла дIахIоьттира цIа. Массо а гаьннаш тIехь зезагаш девлира, хIора зезаг а роза-зезагал а исбаьхьа дара, чIогIа хаза хьожа йогIуш а дара. И зезаг бага доьллича мазал а мерза дара.Деши санна, къегаш бара стоьмаш, кемсех дуьзна дазделлера гаьннаш, — дийцалур а доцуш тамашийна хаза дара цу чохь.

ЦIаьххьана, Ялмаран дешаран кинишканаш Iохкучу стоьлан яьшки чуьра, хьенан ду а ца хууш, цхьа аз схьахезира, арз деш.

— ХIара хIун ду те? — аьлла, тIеваханчу Оле Лукойес стоьлан яьшка схьайиллира.

Дешархоша шена тIехь яздеш йолу грифелан* экъа хиллера иза. Цу тIехь арифметикин задачаш еш харцахьа яздина терахь хиларна, цIийзаш, етталуш цхьа хIума яра цу чохь. Терахьаш, охьаэга кеч а делла, лаьтташ дара. Шен тIийриг тIехь кхийсалуш, етталуш яра грифель, зIенах дIатесна жIаьла санна.

ГIалат нисдан лаьара цунна, амма иза муха нисдан деза ца хаьара. Цул сов, арз деш Ялмаран тетрадь а дара: къина воьлхур вара цуьнга ладоьгIнарг. Цуьнан хIора агIонна тIехь лаьтташ даккхий элпаш дара, царна уллохь дехкина кегий элпага а дара. Уьш массо а моггIара дIахIиттина лаьтташ дара. Царна тIе а хьоьжуш, яздан Iама дехкина элпага дара уьш. Царна уллохь лаьтташ кхин элпаш а дара. Гайта дехкинарга санна, шаьш а ду моьттура царна, хIунда аьлча, хIорш Ялмара дехкина дара. Амма къоламца хьаькхначу сизашна тIехь гораоьхуш дара уьш, гааьга нийсса латта дезаш доллушехь.

— Хьовсал, иштта латта дезаш дуй шу-м, — бохура цаьрга гайта дехкинчу элпаша. — КIеззиг цхьана агIор а таIий латта.

— Тхо-м хаза а хеташ нийсса дIахIуьттур ма дара, тхаьш хIитталахьара, — бохура Ялмаран элпаша, — ца хIиттало-кх тхо, боьха дай тхо-м!

— ТIаккха молха малор ду-кх шуна, — элира Оле Лукойес.

— Ма маладе, ма маладе! — аьлла, шайга хьаьжча милла а воккхавер волуга, нийса дIахIиттира уыш.

— ХIай-хIай!-аьлла,тохавелираОлеЛукойе.-БIо санна, Iамор ду ас хIорш хIинца. Цхьаъ шиъ… Цхьаъ, шиъ…

Элпашна нийса латта Iамо вуьйлира иза гайта яздина элп санна цхьа а латталур доцчу тайпанара нийса а, къовладелла а, тIахъаьлла а лаьтташ дара уьш.

Оле Лукойе дIаваханчул тIаьхьа Ялмар сама велира. ДIахьаьжначу кхунна гира: хIара вижал шаьш ма-хиллара, гоман-чIоман дара кхуьна: элпаш.

ШолгIа дийцар

ЭхI, ма чIогIа догIа доьлхур-кх арахь!

Набарха санна хезара Ялмарана иза доьлхуш. Оле Лукойес кор дIадиллича, коре хьалакхаччал хьаладаьлла дара хи. Арахь лаьтташ дийнна Iа бара, цIеношна хьалха лаьтташ сов башха кема дара.

— Тхоьца кеманахь лела ван лаьий хьуна, жима Ялмар? — аьлла, хаьттира Оле Лукойес. -Буса, сахилале, нехан мехкашка а хьаьвсина, Iуьйранна юха а цIахь хир ду вай.

ТIеюьйхина дезчу диинахь ша юхуш иолу бедар а йолуш, цIеххьана кеманна тIе нисвелира Ялмар. Де а сов хаза деанера. Цу кеманахь урамашкахула дIабахара хIорш, тIаккха боккхачу хIорда тIе кхечира.

Шайн бIаьргашна латта ца гучу гена бевллера хIорш. ТIаккха чIерийлоьцургийн боккха бIо гира кхарна. Уьш а яра шайн цIера дIа бовхачу мехкашка йоьлхуш. Вовшашна тIаьхь-тIаьхьа а хIиттина, дIайоьлхуш ярачIерийлоьцургаш.

Дукха хан яра уьш новкъахь йолу. ТIемаша халла бен хIаваэхь латта а ца еш, чIогIа гIелъелла яра царах цхьаъ: бIона юккъехь уггар тIаьхьайисна йоьдуш яра иза. Дукха хан ялале шен накъостел дикка тIаьхьайисира иза. ТIаккха, тIемаш шор а дина, тIеттIа лахайолуш, охьаян йолаелира иза. Кхин а маситтаза тIемаш туьйхира цо, амма цунах гIуллакх ца хилира.

ТIаккха, ирахъяхана лаьттачу тIеман мачтех когаш хьакхабелира цуьнан. Цул тIаьхьа кеманан гатанца шершшина еана, кхарна юккъе охьаюьйжира иза.Матрос волчу цхьана жимчу стага хьала а эцна, яьхьна, цхьана бун чу охьахаийра иза. Цу чохь котамаш а, бедаш а, москалш а яра. Царна юккъе а хIоьттина, гIийла лаьтташ яра и миска чIерийлоьцург.

— ДIахьовсийша, и муха ю! — элира котамаша, ца ешаш.

Цхьа кура юса а елла: «ХIара мила ю?» -аьлла, хаьттира москалан боргIало. Юханехьа а оьхуш: «Вакъ! вакъ!» — бохура бедаша.

ТIаккха йовхонан тов хьийзо Африкех а, цигара гуттар а хьалха хиллачу заманашкахь баьхна хиллачу пирIунех а, тIулгех доьттина дина, сов даккхийра кешнех-пирамидех а, цигахь, малхо яхчийначу есачу аренашкахула, акха говраш санна, маса уьдуш лелаш долу страус-олхазарех а лаьцна дийца йолаелира чIерийлоьцург.

Амма кхо дуьйцучух ца кхетара бедаш, вовшашка, «вакъ! вакъ!» а бохуш, цара элира:

— Схьадуьйла, сонта ю алий, сацам бей вай кхунах лаьцна?

— Шеко йоццуш сонта ю иза, — аьлла, дIахадийра москалан боргIало. ТIаккха, «чIов-чIов-чIов!» — аьлла, лен Iанаяхара иза.

Луьйчуьра сецира чIерийлоьцург. Африкех лаьцна ойла ян йолаелира иза.

— Ма безамехь деха когаш а ду-кх хьан, хIун доьху ахьа церан аьршанах? — хаьттира москалан боргIало.

— Ваххьа-хьа! — бохуш, йоьлура бедаш. Амма цара дуьйцург шена ца хеза сурт хIоттийра чIерийлоьцурго.

— Хьо а елаяла мегар дара кхунах-м, — элира цуьнга москалан боргIало, — сов хаза аьлла дош дара хьуна иза. Делахь а, ахьа-м тоам ца беш хила а мега цунах!

— КIакI, кIакI! — аьлла, ека йолаелира котамаш.

— Вакъ! Вакъ! — бохуш, дIахIоьттира бедаш а. Сов хаза аьлла ду моьттура царна и дешнаш. ТIаккха Ялмара, буьнан берте а вахана, неI дIа а йиллина, схьакхайкхира чIерийлоьцурге. Цу чуьра ара а иккхина, кхунна тIееара иза. Са а даьIна, меттаеанераизахIинца. КортаатеIош, цо, шена баркалла бохуш санна, хийтира Ялмарна.

Цул тIаьхьа, шен шуьйра ши тIам а баржийна, стигала хьала а яьлла, бовхачу мехкашка дIаяхара чIерийлоьцург.

Котамаш екара, бедаша «вакъ! вакъ!» бохура, москалан боргIал-м, дукха дог даьттIа, цIаста санна, цIийеллера.

— Кхана чорпа йийр ю оха шух, — элира цаьрга Ялмара.

Иза оллушехь, шен маьнги тIехь сама а велира иза.

Сов синкъераме, хаза некъ байтира цуьнга цу буса Оле Лукойес.

* Грифелан (грифель): тIехь яздеш долу у.

Сказки на чеченском языке: ДОЬНАЛЛА ДОЛУ ГІЕЛИН САЛТИ

Туьйранаш
Ганс Христиан Андерсен
ДОЬНАЛЛА ДОЛУ ГІЕЛИН САЛТИ
Перевод Тамары Чагаевой  

Цхьана заманахь дуьнен чохь Iаш гIелах* вина ткъе пхиъ салти хилла. Уьш массо а цхьана ненах схьабевлла хилла — тишачу гIелин Iайгах. Цундела и салтий вежарий лара мегар долуш хилла. Уьш чIогIа хаза а хилла: хIораннан а белш тIехь топ а йолуш, чкъург санна, сеттина некхан у а долуш, тIехь цIен а, сийна а басахь мундираш а йолуш. Iаламат хаза салти хилла уьш!

И ткъе пхиъ салтий мужалтан гIутакх чохь Iуьллуш вара. Цу чохь готта а, Iаьржа а яра. Цкъа цхьана дийнахь и гIутакх схьаделладелира.

— ГІелин салтий! — аьлла, мохь туьйхира жимачу кIанта, воккхаверца тIараш а детташ.

И гIелин салтий цунна иза винчу дийнахь совгIатана белла бара.

КIант, сихха уьш стоьла тIе охьа а хIиттош, дIанисбан волавелира. Ткъе виъ салти вовшех тера вара, ткъа ткъе пхоьалгIаниг цхьа ког а боцуш вара. Иза массарал а тIаьхьа воьттина хилар бахьана долуш, цунна гIёла цхьажимма ца тоьънера. Делахь а и салти шен цхьана когана тIехь, вуьш шина когана тIехь санна, дикка лаьтташ вара. Оцу салтичуьнца доьзна цхьа башха хIума хилира. И хIума аса шуна хIинца дуьйцур а ду.

Цу кIанта шен салтий дIахIиттийнчу стоьла тIехь кхин дуккха а тайп-тайпана ловзо хIуманаш яра. Амма царех уггар диканиг мужалтах дина долу паччахьан цIа дара. Цуьнан кегийрачу корашна чухула гуш яра цу цIа чохь йолу чоьнаш.

Цу цIенна хьалхахь Iуьллуш куьзга дара. Иза цIенна хьалха лаьтташ болу Iам санна дара, ткъа цунна гонах дечиган кIелхIотторгашна тIехь лаьтташ, баьццара а долуш, кегийра дитташ дара. Цу Iам тIехула нека деш лелаш балозах йина йолу гIургIезаш яра. Еха вортанаш а сеттош, хи чохь гуш долчу шайн суьрташка а хьоьжуш, лелаш яра уьш.

И дерриг а чIогIа хаза дара, амма цу массо а хIуманал а хазаниг паччахьан цIийнан неIарехь лаьтташ йолу йоI яра. Иза а мужалтах йина яра. Цунна тIехь юткъачу кIадинах йина юбка а яра, белш тIехь кочахъхьарчорг а яра, хьалхахь боллуш къегаш болу хаза маха а бара. И маха цу йоIан коьрттал хир болуш боккха бара.

Хаза йоI цхьана кога тIехь лаьтташ яра, шена хьалха ши куьг дIа а дахийтина. Иза халхарча яра. Важа ког цо дикка лакха хьалабахийтинера, ткъа цуьнан шолгIа болу ког шена ца гича, вайн гIелин салтичунна иза а, ша санна, цхьа ког боцуш ю моьттинера.

«Сан иштта зуда елахьара бакъахьа дара, -аьлла, ойла йира гIелин салтичо. — Амма иза хьалдолчу неханхиламега. ИзачохьIашдолу цIа а мел хаза ду! Ткъа сан цIа — хIара мужалтах дина гIутакх ду. Цул сов, тхо тхаьш а ду цу чохь дукха -ткъе пхиъ стаг. ХIан-хIа, иза цуьнан меттиг яц! Амма иза евзича а хIума-м дацара».

Стоьла тIехь лаьтташ йолчу томкадухкургана* тIехьа дIалечкъира салти. Кхузара цунна дикка гуш яра хаза хелхарча.

Массо а гIелин салти буьйсанна гIутакх чу дIавиллира. Царна юкъахь цхьа ког боцу салти вацара: иза цу буса, мел лехча а, цхьанна а кара ца вира. ТIаьххьара а цIа чохь мел волу стаг дIавижира. Массо а дIатииначу хенахь тайнигаш вовшашца ловза юьйлаелира. Уьш хьеший тIеэцарх а, тIамах а ловзура, тIаьххьара а цара халхарш дIахIоттийра. ГIелин салтий шаьш чохь долчу гIутакхан пенех бетталуш бара: царна а лаьара синкъерамехь дакъа лаца, амма цаьрга гIутакхан негIар хьала ца айалора. Массо а тайнигаш халхаюьйлуш, кхийсалуш, Iункарлелхаш яра. Цара йоккха гIовгIа яьккхинера. ЦIелиг* чохь долу можа хьоза а, сама а даьлла, къамел дан доладелира: иза байташ юьйцуш дара.

Ког боцу салтий, хазахалхарчий доцург, массо а дIасауьдура. Халхарча, хьалха санна, шен ши куьг дIа а дахийтина, цхьана кога тIехь лаьтташ яра, ткъа салти, гIаролхо санна, шен топ белш тIе а тесна, йоIана тIера бIаьргаш дIа ца бохуш, лаьтташ вара.

Шийтта сахьт делира. ЦIаьххьана, тIах! -аьлла, тата а даьлла, томкадухкург дIаеллаелира.

Цу чохь Iаш шайтIанан кIорни яра. Томка-духкурга чуьра ара а иккхина, иза гонах дIасахьаьжира.

— ХIей! ГIелин салти! — аьлла, мохь туьйхира шайтIанан кIорнино. — Стенна хьоьжу хьо сел лерина цу халхарче? Хьо цуьнга ца кхочу.

Амма гIелин салтичо шена хIумма а ца хеза кеп хIоттийра.

— Хьажахь цуьнга! — элира шайтIанан кIорнино. — Собар де ахьа, Iуьйре тIекхачийта ахьа!

Iуьйранна самадевллачу берашна, томкадух-кургана тIехьа лаьтташ карийра цхьа ког болу салти. Цара иза коре дIахIоттийра.

ЦIаьххьана кор дIаделладелира. Хьанна хаьа, шайтIанан кIорни бахьана долуш, я мох хьакхар бахьана долуш иза хилла. Цхьа ког болу салти корта хьалха кора тIера чувуьйжира. Иза дукха лекхачу меттерачувоьжна дела, цуьнан лергашка зов деара. Минот ялале иза арахь нисвелира, ирахIбахана ког а болуш, ткъа цуьнан топ а, коьртара хIума а тIулгаш юкъахь йоллура.

Жима кIант а, зудаялхо а сихха араиккхира, салти схьалаха дагахь, амма мел лехарх а, иза царна ца карийра. Цкъа-м уьш цунна тIе ког баккхаза бисира, амма иза царна ца гуш висира. Салтичо цаьрга: «Со кхузахь ву!» аьлла, мохь тоьхнехьара, иза царна карор вара. Амма цунна товш ца хетара арахь мохь беттар — иза шена тIехь салтичун духар а долуш ма вара.

Дукха хан ялале чIогIа догIа доладелира. Массо а меттехь хин татолаш дара охьаоьхуш.

Ткъа догIа сецначул тIаьхьа, тIулгаш юкъахь Iуьллу гIелин салти волчу метте ведда цхьа ши кIант веара.

— ХIей! — элира царех цхьаммо. — Хьажахь, гIелин салти ву-кх Iуьллуш! Вайшимма хи тIехула дIавохуьйтур ву хIара!

Тишачу кехатах хин кема а дина, цу чу салти а хаийна, иза хин татол чу хийцира цара. Хинкема меллаша дIадоладелира, ткъа ши кIант, тIараш а детташ, цунна уллохула ведда воьдуш вара.

Сиха доьдучу хино кема сихха дIададийра. Татол чуьра хи чIогIа карзахдаьллера. ДогIа чIогIа дар бахьана долуш, и татол доккха хилла дIахIоьттинера.

ГIелин салти хинкеманна чохь верриг а вегош лаьтташ вара, амма цо цхьана а тайпана шегахь долу хьал ца гойтура. Хила ма-везза волчу салтичун санна, цуьнан белш тIехь кхозуш топ а яра, корта хьалаайбина а бара, некхан у нийсса лаьтташ а дара.

Эццахь хинкема карзахдаьллачу хино шуьйрачу тIайна буха кхоьссира. Цу бухахь Iаьржа бода бара, гIелин салти чохь Iийна долчу гIутакх чохь санна.

«Со стенга хьош ву те? — бохуш, ойла йора салтичо. — И шадерг а сий доцучу шайтIанан кIорнино лелош ду. ЭхI, соьца хIинца кху хинкеманна чохь Iаш и хаза халхарча хилча, со, кхузахь кхин а чIогIа бода хилча а, кхоьрур вацара!»

Цу минотехь тIайна бухара схьаиккхира боккха хиндахка.

— ХIара мила ву? — аьлла, мохь хьаькхира цо. — Хьан паспорт дуй? Сихха схьалол хьайн паспорт!

Амма гIелин салти, вист а ца хуьлуш, лаьтташ вара, шен топ чIоггIа схьа а лаьцна. Цуьнан хинкема татоло дIахьош дара, ткъа хиндахка, нека а деш, кхунна тIаьхьа богIущ бара. Буьрса цергаш а хьекхош, шена дуьхьал хи тIехула охьайогIуш йолчу чIешалгашка а, чамхалгашка а мохь а бетташ, цо бохура:

— Схьалаца иза, схьалаца! Цуьнгахь паспорт дац шуна!

Эццахь хинкема кхин а сиха дIадаьхьира хино. ТIаьххьара а гIелин салти боданера схьавелира. ТIай чекхделира. Амма цу минотехь муьлхха а турпалхо кхералур волу гIовгIа елира. ТIайна дехьа жима татол доккхачу хих дIакхеташ дара. Цу тулгIенаш тIехула жимачу кехатан хин-кеманна тIехь дIаваха кхераме дара гIелин салтичунна, вайна баккъал а долчу хинкеманна тIехь хин чухчарина* тIе доьлхуш санна.

Амма хIинца цуьнан саца аьтто бацара. ГIелин салти чохь а волуш, хинкема доккхачу хи тIе делира. Амма ког боцу салти хIумма а кхера ца велира. Иза, хьалха санна, бIаьрган негIар а ца тухуш, дIавоьдуш вара.

Хинкема цхьана меттехь хьийза делира. Иза цкъа-шозза агIор даьлча, цунна йистталц чу хи делира. ХIинца салти гIодаюккъалц хи чохь вара, жимма хан яьлча, иза логгалц хи чу вахара. ТIаьххьара а иза, корта къайла а болуш, хи чу вахара.

ГIайгIанца ойла йира салтичо шен хазачу халхарчех лаьцна. Цунна иза кхин гур йолуш яцара!

Иза доьналлица вала кечвелира ирчачу къур-къманехь. Амма цунна кхин а вониг тIекхечира. ЦIаьххьана хи чуьра ирахкхоссабеллачу боккхачу чIеро иза дIакхаьллира.

Ма чIогIа готта а, бодане а дара цу чIеран кийрахь! Цигахь тIайна бухахьчул а Iаьржа яра, мужалтан гIутакх чохь чул а готта дара. Амма гIелин салти хIинца а кхера ца веллера. Нийсса дIа а нисвелла, цо кхин а чIогIа шен топ схьалецира. Дуккха а Iиллира иза цигахь. ЦIаьххьана и чIара, хи тIехула дIасаида а, хи буха лелха а, бетта а луш, кхийсабала болабелира. Цул тIаьхьа иза дIатийра.

Кхин а жимма хан елира.ХIинца хIунх иллате, бохуш, ойлане ваьллачу салтичунна наб озийра.

Ша самаваьлча, шена тIелаьцна, ткъес санна къегаш долу урс гира цунна. ХIара серлонга воллушехь, цхьаммо мохь хьаькхира:

— Хьовсийша, гIелин салти ву-кх!

Схьахетарехь, и чIара схьа а лаьцна, базара а баьхьна, боьхкина хилла цхьаммо. Цул тIаьхьа иза юург кечъеш йолчуьнан кара кхечира. Ткъа цунна, чIеран гай схьадатIийча, цу чохь гIелин салти гира. Цу зудчо иза, шина пIелгаца схьа а лаьцна, вукху цIа чу дIаваьхьира.

ЦIахь мел верг ведда кхуза схьа а веана, майрачу салтичуьнга хьажа хIоьттира. Цара иза стоьла тIе охьахIоттийра. Эццахь цунна гира хьалха ша чохь Iийна йолу чоь а, цигахь хилла волу кIант а, ша тIера охьавоьжна долу кор а. Гонах хIетахь хилла тайнигаш а яра, царна юкъахь лаьтташ хаза паччахьан цIа а дара, цу цIийнан неIсагIи тIехь лаьтташ хаза халхарча а яра. Иза, хьалха санна, цхьана кога тIехь лаьтташ яра.

БIаьргара хи охьадоладаллал дог кIадделира гIелин салтичун, амма цунна шен хеннахь дагадеара, салтичун велха йиш ца хилар. БIаьрган негIар а ца тухуш, хьоьжуш лаьтташ вара иза йоIе, иштта цуьнга хьоьжуш лаьтташ иза а яра. Шиммо а вовшашка хIумма а ца олура.

ЦIаьххьана цхьана кIанта, катоьхна, схьа а эцна, цхьаьнгга а хIумма а ца олуш, гIелин салти пеша чу кхоьссира. Цунна иза Iамийнарг томка-духкург чуьра къиза шайтIанан кIорни хила мегара.

ЦIергахь серладаьлла догуш дечиг дара. ГIелин салти чIогIа вохвеллера. Я безам бахьана долуш, я цIе бахьана долуш ша вохвелла цунна шена а ца хаьара. Цунна тIера басарш охьаоьхуш дара, иза басаваьллера. Цунна шена а ца хаьара, ша хи чохь хилар бахьана долуш, я чIеран кийрахь хилар бахьана долуш басаваьллийла. Амма пешахь а иза нийсса лаьтташ вара, шен топ карахь а къуьйлуш, хазачу йоIана тIера бIаьргаш дIа а ца бохуш. Эццахь цунна хааделира ша цIергахь лала волалуш хилар.

ЦIаьххьана, неI дIа а еллаелла, мох хьаькхира. И мох хьоккхушехь, хаза йоI, полла санна, хьала а айелла, нийсса салти волчу пеша чу кхос-саелира. Цунах цIе елира. Иза гина волу гIелин салти верриг а лелина дIавелира.
ШолгIачу дийнахь пешара юкъ схьайоккхуш воллучу ялхочунна жима гIелин цуьрг карийра. Иза жимачу дагах а, кIора санна, баьгна дIабаьллачу маханах а тера дара. Иза гIелин салтичух а, хазачу халхарчех а бухадиснарг дара.

* ГI е л а — цунах оьрсаша «олово» олу.
* ЦIе л и г — олхазаршна хIоттош болу гур.
* Томкадухкург — оьрсаша цунах «табакерка» олу.
* Чухчара — лакхара чудетталуш долу хи.